Get Mystery Box with random crypto!

https://t.me/Ahmad_Hattar_Jop Ша сов къинхетаме а‚ къинхета | 📚Къуръанан охӀла📚

https://t.me/Ahmad_Hattar_Jop

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетам беш а волчу Делан цӀарца доладо.

Шаболу хастам бу АллахӀана – Ӏаламийн Дела волчу.

Салават а, маршалла а ду вайн Элчанна Мухьаммадна а, цуьнан охӀланна а, цуьнан сахьабашна а, цунна тӀаьхьа мел хӀоьттинчунна а.

Цул тӀаьхьа:

Бусулба дин лелош, иза довза лууш волчу стеган кхоллало цу хьокъехь тайп-тайпана хаттарш. Уьш хила тарло я деккъа вайн Ӏер-дахарх лаьцна, я динан кӀоргге кхевдина талла дезарш. Мухха делахь а, ша лоьхуш долу жоп нийса, бухболуш хилийта лаьа хӀоранна а. Ткъа мичахь, муха лаха деза, стенна тӀетовжа мега, муьлхарг харжа деза жоп ца хууш хуьлу шеконаш.

ХӀара гулам кхолларан Ӏалашо ю иштта долчу хаттаршна жоьпаш далар.

АллахӀан пурбанца жоьпаш вайна лур ду Ахьмад абу ХӀурайрас.

Лекха Хинволчу АллахI-Дала пайде бойла вайна хIара некъ!